Вопрос:

Шардар 36. Барта схьаийца дочачу шеконан мукъачу азнийн (а, у, и) нийсаяздаран бакъонаш. Схьайазйе текст, доча шеконан мукъачу азнашна буха сиз хьакха.

Фотография

Ответ ассистента

Задание: Написать текст и подчеркнуть краткие гласные (а, у, и). Вот текст с подчеркнутыми краткими гласными (а, у, и): ... Корех а, неIарх а чукхеттачу шийлачу хIоно самаваьккхира БунтIа. БIаьргаш а биллина Iуьллучу цо цхьацца ойланаш йора. Массо пенах а, корех а бIаьрг биттинчул тIаьххьа неIарехьа хьаьжира иза. Тлунтина бала хиллачу шина гали тIехь бIаьрг а сецна, гIийла хьоьжуш Iачу цуьнан дегIе цIеххьана, вагийча санна, зуз деара: шина гали йуккъехула схьа а къедаш, цIенкъахь наг-наггахь меллаш сетта а сетташ, Iуьллуш текхарган цIога гира цунна. БунтIас бIаьргаш чу буйнаш хьовзийра, баккъал а ша сема хиларх теша ца лууш. Амма иза бакъ дара. Хорша йеача санна, вего волийра иза. Хьаж йуккъехула болу сийна пха, пIелг санна, стам а белла, тIехъенера. Иштта ша холчухIоьттича дайманна бекош хилла болчу мере куьг даьхьийра цо, амма текхарг меттахььарна кхера а велла, боккхачу дагахьбалламца сецира иза, гIовгIа ца йоккхуш.

Другие решения

Что ещё задавали пользователи